Да́рбане ба́ппа (лат. Taráxacum officinále) — Седа-зезагийн (Asteraceae) доьзалера уггаре евза Баппан тайпанара кеп.
Дарбане баппа — дукха шерийн бецан орамат ду, локхаллехь 30 см а долуш, кӀезиг геннаш долу 2 см стомма, 60 см беха чӀу кепара орамца, лакхарчу декъехь хуьлу боца, масех корта болу орам.
Баппан гӀаш дерзина ду, пелаган-хедийна я дийна, ланцетан я уозийна деха-ланцетан, цергаш йолуш, дохаллехь 10—25 см, шораллехь 1,5—5 см, гулдина ораман бошхӀапе.
МаргӀалан цамза мутт йолуш, цилиндркепара, юкъахь яьсса, чеккхенгахь цхьала тускарца меттан стие а, боьрша а 5 см диаметр йолу къегина-можа зезагца. Зезаган кедалг берзина, экъа, кӀаьгнаш долуш.
Зезаган формула: ↑ K ∞ C ( 5 ) A ( 5 ) G ( 2 ¯ ) {displaystyle uparrow K_{infty };C_{(5)};A_{(5)};G_{({overline {2}})}} [2].
ХӀу — лаьтта сира-боьра урчакх кепара, геннаш доцу кӀайн месийн кӀужалца болу буьртигах. ХӀун буьртиг гӀийла тӀелатийна бу зезаган кедалган, цундела атта мохо дӀасахьо.
Ораматан дерриг дакъошкахь ю юькъа кӀайн чомана къаьхьа шурийн мутта.
Заза доккху баппо майхь—июнехь, наггахь хаало гуьйренан заза даккхар а, хӀу доккху — май чеккхенгара июль кхаччалц.
Дарбане баппа — чӀогӀа яьржинчех цхьа орамат ю, ша-кепара хьун-аренан зонехь. Кхуьу байн тӀехь, анашкахь, некъан йисташкахула, дежийлашкахь, хӀусамашна гергахь, дукха хьолахь асар кепара арахь, бошмашкахь, хас-бошмашкахь, паркашкахь, Российн европан декъехь, Украинехь, Белоруссехь, Кавказехь, Молдавехь, Днестрйистехь, Юккъерчу Азехь, Сибрехахь, Генарчу Малхбузехь, Сахалинехь, Камчаткехь.
Ораматан шурийн муттаца ду тараксацин а, тараксацерин, 2—3 % каучукан хӀуманаш а, ткъа баппан зазаца а, гӀашца а — тараксантин, флавоксантин, витаминаш С, А, В2, Е, РР, холин, сапонинаш, силмаш, туьханаш марганцан, эчиган, кальцийн, фосфоран, 5 % кхаччалц иза яа магош йолу белок. Баппан орамашца ю[3][4][5][6] тритерпенин зӀенаш: тараксастерол, тараксерол, псевдотараксастерол, β-амирин; стеринаш: β-ситостерин, стигмастерин, тараксол; углеводаш: 40 % кхаччалц инулин; хьена даьтта, шена юкъахь глицеридаш пальмитинан, мелиссан, линолан, олеинан, церотинан мусталлаллаш долу; каучук, белок, мазанаш, силмаш, кхина а. Зазан тускарш чохь карийна тараксантин, флавоксантин, лютеин, тритерпенин спирташ, арнидиол, фарадиол.
Дарбанан Ӏалашонна леладо орамаш (лат. Radix Taraxaci), гӀаш, буц, мутта. ГӀаш а, буц а, мутта а гулдо июнехь, орамаш — хьалхха бӀаьста я тӀаьхьа гурахь гӀаш дакъалучу муьрехь, дакъадо дакъоргашкахь температура 40—50 °С йолуш.
БӀаьста заза доккхучу хенахь накхаршна ло дукха дургал-обножкаш, шена чохь алсама шекар, белок, даьттанаш долу. Баппан тӀиера дургал накхарш лахьадо кӀезиг а, муьлххачу хенахь а ца лахьадо[7].
Орамато стим тотту, дагар охьадоккху, чоьна до, шет йоккху, са паргӀат доккху, тӀехебарш дӀадоху, гӀеххьа набаран Ӏаткъам а бо.
Орамийн а, гӀашшан а басаро кхача ахьар, юург яа дог дар, юкъара метаболизм тайо, бер дакхочу зудчунна шура йоссайо, организме гӀора доуьйту.
Биологин жигара хӀуманаш хилар бахьнехь баппан дуарган худар сиха чекхдолу чуьйраш чухула, цуо гӀодо чуо юкъйелчи совсаран процессаш лагӀъеш.
Баппа Ӏамош химин-фармакологин эксперименташца чӀагдина йовхарийн цамгарна, вирусашна, фунгицидашна, гельминташна, канцерогенашна, диабетан дуьхьала хьолаш хилар.
Баппа дика ду диабетан, гӀийлачун гӀора доуьйту, анемин дарба ду.
Баппан дакъийначу орамех яьккхина хӀур лелайо организмера зуламе хӀуманаш хьацарца а, хьатӀца а араяхар чӀагӀдеш, склерозан, энийн цамгарна, энашна дуьхьала.
Чорпа, юькъа экстракт ю, лелайо зорхан екхоан секрецин къахьо чӀагӀъеш а, стимтаттаран молха[8] санна а.
Баппа леладо гепатитан, холециститан, стимтӀулгийн цамгаран, маждаран, гастритан, колитан, циститан дарбанна, аппетит а, кхача ахьар а тодеш, чуо юкъйаларна, метеоризман, ткъа иштта кийрахь нӀаьна барна а дуьхьала.
Керла гӀаш а, гӀашшах даьккхина мут а лелийча дика хуьлу атеросклерозан, чкъоьран цамгаршна, С авитаминозна, анемин. Бецан орамашца цхьаьна даьккхина басар леладо доӀахан, стиман ахкарган, дестаран, хи хӀоттаран, хьоткъан ахкарган цамгаран, гоьта-лазаран тайп-тайпанчу цамгаршна. Бецан басар леладо авитаминозехь, ткъа кхин а тайп-тайпанчу дегӀан чкъоьран лазаршна леладо: кхартан, босбуурган, ӀаьржбӀаьрган.
Цийн халкъан медицинехь ораматан дерриг дакъош леладо дагар охьадоккхуш, хьацар доккхуш, юкъара гӀора доуьйту гӀирс санна, ткъа юург ца езачун, лаьхьуо катоьхначун, бер дакхочу зударшна шура йоссийтархьама, екхоаш шелъярна, ӀаьржбӀаьргашна, кхин чкъоьран цамгаршна а леладо.
Баппа иштта леладо молуш а, тӀехула хьокхуш ӀаьржбӀаьргашна, даӀна, чкъоьран кхартана. Баппан орамийн даьттан настойка лелайо вагорна, ткъа чхьинташна а, ахкаргашна а меттиг тӀе ораматан шуран мут хьокху.
Наггахь даьӀнашна хьакхар кечдо баппан орамийн хӀурах а, мозах а, 1:2 барамца.
Баппа дукха генара дуьйна кхачан леладо тайп-тайпанчу къаьмнаша, иза дуура ширачу цийхоша а, Американн континент тӀе дуьххьара хевшинчара а.
Цуьнан къуона гӀаш леладо борщах а, салатах а тухуш, Европехь юхку французийн цӀе йолуш «писанли»[9] (цу тӀе гӀаш 30—40 минотан туьхан берамал духку, церан къохьалла дӀаяккхархьама), баппан зезагех варени кхехкайо, чагӀар доккху, делладеллачу зезагах кечдо «баппан моз», ткъа кхаьрзинчу ороамех — кофен суррогат. Кхехкийна гӀаш леладо шпинат санна[9].
Британин гӀайренаш генарчу заманара дуьйна кечдо гӀарадаьлла ингалсахь баппан зезагах даьккхина. Оцу чагӀарна эшар яьккхина Р. Брэдберис шен повестехь «Баппах даьккхин».
Цхьацца пачхьалкхашкахь гӀаш чудухка, копaста санна, берамал духку бӀаьстенан гӀаш.
Баппа шуьйра гӀарадаьлла леладо халкъан косметикехь а: цуьнан керла гӀашшах йина маскано тӀунйо, къонйо, оьшу даар латтадо чкъоьран, ткъа зезагийн басаро кӀайн до тӀедарчий а, пигментийн кӀайдаргаш а.
Да́рбане ба́ппа (лат. Taráxacum officinále) — Седа-зезагийн (Asteraceae) доьзалера уггаре евза Баппан тайпанара кеп.
«Köhler’s Medizinal-Pflanzen» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1887