dcsimg

ЦӀога лесто хин олхазар ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

ЦӀога лесто хин олхазар — (en. Common Sandpiper), (Оьрсаша "Перевозчик" олу цунах). Бовхачу махка дIай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Букъ мокха бу цуьнан, чукIело кIайн ю. Кхоьчу хин олхазарийчул йоцо ю зIок. Когаш а церачийл боцийро бу. Хин тогIенашкахь Iаьмнашкахь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Хин берда йистошца, оьрзалахь а, гIамаран гIайреш тIехь а до цара баннаш, лохо кIаг а боккхий, цу чу екъа бецаш а йохкуш.

  • Бен къайлехь хуьлу цуьнан я куллан кондарна кIелахь, я бецан тоьлга кIелахь. ХIоьаш жимма цIиэ бос а бетталуш, цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу. 4 хIоа до цо. Додачу хенахь "ти-ти-ти-ти", "пюи-пюи" олий дека иза. Цхьаъ ша хуьлу иза, баннаш ден хан кхаччалц. Дукха хьолахь хи юккъерчу гоьрга тIе я чалхаш тIе хоий Iа иза, цIога а лестадеш. Хи тIоьхула дадар цкъа тIемаш ваьшта дохкуш, тIаккха чехка уьш ластош, хьалий-охьий ийлуш ду цуьнан. Садолу хIумнаш йоу цо .

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors

ЦӀога лесто хин олхазар: Brief Summary ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

ЦӀога лесто хин олхазар — (en. Common Sandpiper), (Оьрсаша "Перевозчик" олу цунах). Бовхачу махка дIай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Букъ мокха бу цуьнан, чукIело кIайн ю. Кхоьчу хин олхазарийчул йоцо ю зIок. Когаш а церачийл боцийро бу. Хин тогIенашкахь Iаьмнашкахь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Хин берда йистошца, оьрзалахь а, гIамаран гIайреш тIехь а до цара баннаш, лохо кIаг а боккхий, цу чу екъа бецаш а йохкуш.

Бен къайлехь хуьлу цуьнан я куллан кондарна кIелахь, я бецан тоьлга кIелахь. ХIоьаш жимма цIиэ бос а бетталуш, цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу. 4 хIоа до цо. Додачу хенахь "ти-ти-ти-ти", "пюи-пюи" олий дека иза. Цхьаъ ша хуьлу иза, баннаш ден хан кхаччалц. Дукха хьолахь хи юккъерчу гоьрга тIе я чалхаш тIе хоий Iа иза, цIога а лестадеш. Хи тIоьхула дадар цкъа тIемаш ваьшта дохкуш, тIаккха чехка уьш ластош, хьалий-охьий ийлуш ду цуьнан. Садолу хIумнаш йоу цо .
license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors