dcsimg

Мокха акха гӀаз ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages
 src=
Мокха акха гӀаз

Мокха акха гӀаз — ( Anser anser ). Мокхачу акха гIезах оьрсаша "Серый гусь" олу. ЦIахь кхобучу гIезал дегIана жима ю иза. ГIорта жимма йоца а, стомма а цуьнан, вукху гIезачул. ЗIок, можо бос болуш, цIиэ а, йоца а ю. Когаш можо бос бетталуш цIиэ бу.

  • ХIурдан йистошца а, хищца а, Iаьмнашкахь а хуьлуш ю и тайпа гIезаш. ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Боьршачой, стечой, шишша цхьана кхетий до баннаш. ХIурдан йистошца а, хин бердан йистошца а, оьрзалахь, шочалахь, тоьлгашлахь до цара баннаш. ХIоьаш июнь баттахь до 4-6. ТIема йовдар хала ду церан. ТIемаш доцийро хиларна чехка лесто деза. ТIома евдда лакхахула лела церан гIеранаш. ХIурда чохь, хиш чохь, Iаьмнаш чохь иштта берда йистошца а карош йолу садолу хIумнаш, кхоьбарчий, соьналлаш йоу цара.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors

Мокха акха гӀаз: Brief Summary ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages
 src= Мокха акха гӀаз

Мокха акха гӀаз — ( Anser anser ). Мокхачу акха гIезах оьрсаша "Серый гусь" олу. ЦIахь кхобучу гIезал дегIана жима ю иза. ГIорта жимма йоца а, стомма а цуьнан, вукху гIезачул. ЗIок, можо бос болуш, цIиэ а, йоца а ю. Когаш можо бос бетталуш цIиэ бу.

ХIурдан йистошца а, хищца а, Iаьмнашкахь а хуьлуш ю и тайпа гIезаш. ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Боьршачой, стечой, шишша цхьана кхетий до баннаш. ХIурдан йистошца а, хин бердан йистошца а, оьрзалахь, шочалахь, тоьлгашлахь до цара баннаш. ХIоьаш июнь баттахь до 4-6. ТIема йовдар хала ду церан. ТIемаш доцийро хиларна чехка лесто деза. ТIома евдда лакхахула лела церан гIеранаш. ХIурда чохь, хиш чохь, Iаьмнаш чохь иштта берда йистошца а карош йолу садолу хIумнаш, кхоьбарчий, соьналлаш йоу цара.
license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors