dcsimg

КӀуж болу хьоза ( tchétchène )

fourni par wikipedia emerging_languages

КӀуж болу хьоза — (en. Northern Lapwing) (Оьрсаша "Чибис" олу цунах). Йоца зIок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. ТIемаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. ЧукIело кIайн ю. Лога кIело Iаьржа ю. Корта а Iаьржа бу, бIаьргашна гондахьара кIайн ю. Хиш, Iаьмнаш долчу тIуьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар.

  • Къилбехьа бовхачу мехкашка дIай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. ХIоа диъ хуьлу цуьнан, мокха тIедарчий а долуш. Дадар тIемаш ваьштадохкий охьадогIуш, чехка тIемаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе гIоьртича цунна чу а хехкалуш бен чIогIа ларбо. Садолу хIумнаш йоу цо[1].

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

  1. Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а. Соьлжа-ГӀала. Жайна , 1992. 176 агӀ.

licence
cc-by-sa-3.0
droit d’auteur
Wikipedia authors and editors

КӀуж болу хьоза: Brief Summary ( tchétchène )

fourni par wikipedia emerging_languages

КӀуж болу хьоза — (en. Northern Lapwing) (Оьрсаша "Чибис" олу цунах). Йоца зIок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. ТIемаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. ЧукIело кIайн ю. Лога кIело Iаьржа ю. Корта а Iаьржа бу, бIаьргашна гондахьара кIайн ю. Хиш, Iаьмнаш долчу тIуьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар.

Къилбехьа бовхачу мехкашка дIай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. ХIоа диъ хуьлу цуьнан, мокха тIедарчий а долуш. Дадар тIемаш ваьштадохкий охьадогIуш, чехка тIемаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе гIоьртича цунна чу а хехкалуш бен чIогIа ларбо. Садолу хIумнаш йоу цо.
licence
cc-by-sa-3.0
droit d’auteur
Wikipedia authors and editors